Новости
Хьалхара меттиг
- 1316
Хьалхара меттиг (первое место) Джукалаева Майнат 11-чу классан дешархо (Олхазар-кIотарара СОШ) Нохчийн меттан хьехархо: Магомадова Роза Хажаевна |
Мотт бу – къам ду, мотт бац – къам дац.
Халкъан кица
Нохчийн мотт боцуш даьккхина цхьа де
Дийнна кIирнахь кхоьлина лаьттара, наг-наггахь кегийрачу зерзаца догIа а догIуш. Иштта денош даьхкича, дог-ойла гуттар а таьIна лаьтташ хуьлура. Оха, 11-чу классо, чIогIа сатуьйсура, малх схьа а кхетта, бIаьсте денъяларе. Тхуна хаьара, хIара тIаьххьара бIаьсте юйла тхо цхьаьна долуш а, тхо бераш долуш а. Цундела оха чIогIа сатуьйсура довхачу деношка. Арахь буьрках ловза а, Аьнгал-хи чохь кIайн шипонаш техкина, кечделлачу дитташка а хьоьжуш, зазанан хьожа а юуш, цу кIайчу зезагашна тIехула хьийзачу накхармозашка а, жимчу Аьнгал-хин гIовгIане а, декаш долчу кегийчу олхазарийн эшаршка а ла а доьгIуш, вовшашца забарш еш, царех а, тхайн жималлех а самукъа а долуш, дуьйладала.
Буса сахиллалц догIа а ихна, Iуьйранна шен белакъажарца гонахара мархаш дIа а къахкийна, гучубелира эсала можа малх. Школехь схьагуллуш долу тхо а дара, тхаьшна хIун ду а ца хууш, къаьсттина тахана самукъадаьлла. Хьехархойн болар а дара (я тхуна хетара а ца хаьа) дайделла.
Елаелла, екхаелла йогIучу бIаьстенна дуьхьал девллера адамаш, цуьнга маршалла а хоттуш, и тIеэца.
Горгали бийкира, тхо уроке кхойкхуш. Тхан хьалхара урок ненан меттан яра. Тхуна дукхаезара нохчийн меттан а, литературин а урокаш. Тхуна, хIунда делахь а, гергара а, аьхна а яра уьш. Цу урокашкахь тхан цкъа а са ца гатлора. Къаьсттина дукхаезара литература. Нохчийн баккхийчу а, кегийчу а яздархоша язйина произведенеш йоьшуш, уьш йийцаре еш, тхуна уллера евзара вайн къоман истори, ширачу заманахь дуьйна схьадогIу хаза гIиллакхаш, ламасташ.
Тхан хьехархочо Ровзан Магомедовнас хазачу дешнашца кхуллура тхан дегнашкахь нохчийн матте безам. Цу урокашкахь гучудолура нохчийн мотт хьалдолуш хилар, бевзара цуьнан суртхIотторан гIирсаш. Ткъа байташ мел хазахеташ Iамайора! Кхин а чIогIа хазахетара уьш кхуллуш поэташа пайдаэцна некъаш толлуш. Ткъа уггар суна оцу урокехь хазахеташ дерг – иза ойла яр дара. Ша цхьа доккха маьIна долу хаттар делча, тхоьга, бIаьргаш дIа а къовлий, и сурт дуьхьал а хIоттош, ойла е олура тхан хьехархочо. Тхо дукхахдерш Iама а Iеминера, цо ма-аллара и дан. Доцца аьлча, тхан ненан меттан урок яра.
Ша гуттар ма-ярра, ела а елла, тхан Iуьйре дика а еш, чоьхьаелира Ровзан Магомедовна. Иза юккъерчу дегIахь, кIайн юьхь-сибат а, Iаьржа бIаьргаш а долуш, хаза зуда яра 30-35 шо хир долуш. Тхуна дукхаезара иза, цкъа делахь, хьоьхург ненан мотт болу дела гергара хетара, шолгIа делахь, цо цкъа а тхо чехош, дов деш, гIовгIа ца йора. Тхо бехке долуш хIума нисделча, шен эсала юьхь кхола а йой, лерина тхоьга хьожура иза. ТIаккха тхо кхетара, тхайгара ледарло яьллий. Кортош охьа а дохуьйтий, дIатоьра, цул тIаьхьа, хIумма а ца хилча санна, цо урок дIахьора.
Тахана а, гуттар санна, ела а къежна, цо элира:
- Та-а-к, хьоменаш, ма хаза де ду вайна тахана, дуй?
Оха массара а, ша-ша ала гIерташ, тIетадира бIаьсте схьакхаьчна хилар а, иза хаза хилар а.
ТIаккха цо юха а хIилланца тхоьга схьа а хьаьжна, хаьттира:
- Шуна хаьий и бIаьсте хьанах тера ю?
- БIаьсте бIаьстенах тера ю-кх, - элира даима хабарна тIера волчу Зеламхас. Елаелира хьехархо.
- БIаьсте шух тера ю-кх, - элира цо.
Тхо цецдевлла дисира, цуьнга дIахьаьжжинчохь.
- БIаьсте шух тера ю, - элира цо юха а. - Шу санна хаза а ю, къона а ю, самукъане а, ирсе а ю. БIаьста дерриг Iалам денлой, дахарна кечло, шу а ду, и бIаьсте санна, дахаран новкъа довла кечлуш. Муха хир ду и дахар, муьлш хир ду шу цу дахарехь, и шух доьзна ду. Атта ца хуьлу цу некъа тIехь, хийла ког тасалур бу, лаза а дийр ду шу, амма доха мегар дац. Халонаша вахчаво стаг, шайн гIалаташ тIехь Iама а Iемаш, нийсачу новкъа довла деза шу, - бохуш, гуттар санна, хьехарш дора цо. Тхуна хазахетара ишттачу миноташкахь цуьнга ладугIуш, оха дуккха а пайда а эцнера цуьнан къамелех.
ТIаккха, цкъа лерина тхоьга а хьаьжна, юха а дIадолийра цо шен къамел. Амма шуна хаа дезаш цхьа хIума ду, шаьш миччахь хиларх, шайн дахар мел чIогIа тодаларх, я дукха халонаш тIехIиттарх аша цкъа а дицдан йиш яц иза. Хьан эр дара соьга, хIун ду иза?
Тхо цкъа ойланашка девлира, тIаккха сихха тхайна хет-хеттарг олуш, цхьа «базар» йира оха.
- Даймохк!
- Нана!
- Хьехархой!
- Iилма!
- Мотт! – бохуш маьхьарий хьоькхура оха.
- Уьш дерриш а нийса ду, дицдан мегар дац. Амма кхин цхьа дош ду НОХЧАЛЛА бохуш. Доккха ду цу дешан маьIна, цо чулоцу нохчочуьнца хила еза амалш: яхь, эхь, сий, иман, ислам,къонахалла, комаьршалла, гIиллакх, оьздангалла, Даймохк безар, цунна хьанал хилар. Ткъа и дерриг дозуш ду цхьана хIуманах – маттах. ХIинца цунах лаьцна сочинени а язйийр ю-кх вай. Сочиненин тема ю «ХIун маьIна ду нохчийн меттан сан дахарехь?»
Тiаккха, жимма соцунгIа а йина, тIетуьйхира:
- Шу сочинени язъян дуьйладалале суна луур дара, аша, бIаьргаш дIа а къевлина, нохчийн мотт боцуш, иза дуьнен чуьра дIабаьлча цхьана дийнахь а муха хир дара техьа аьлла, и сурт шайна дуьхьал а хIоттийна, цхьана шина минотехь ойла йойла, - аьлла, шен къамел дIадерзийра Ровзан Магомедовнас.
Тхо ойланашка дахара. Аса а ойла йора тхайна тIедиллинчу гIуллакхан. Суна цхьа тамашийна хийтира иза. Амма ойланашка яьлча кхийтира, иза стенна тIекхача гIерта. Иза тхоьга ойла яйта гIертара, даима санна. Ткъа оха ойла йора.
Нохчийн мотт – ши дош! Ма кIезга а ду, ма дукха а ду! - аьлла хийтира суна.
Хьехархочо ма-аллара, бIаьргаш дIа а къевлина, муха хир дара те нохчийн мотт ца хилча аьлла, ойла йира ас. Цхьана тамашийначу пана махкахь со йисича санна хийтира суна. Шело хьаьдира даге. Со кхераелира! Нене орца деха дагадеара, амма дешнаш дацара. Дешнаш! Нохчийн меттан дешнаш! Аганан гIаж луьйцуш, нанас со хьоьстуш, дуьххьара сан лере даьхкина дешнаш. Дуьххьара мотт Iемаш, сан багара девлла дешнаш! Аганан иллин довха дешнаш! Ткъа йоккха хила йоьлча, ненаца дагара дийцина дешнаш, дас хьехарш дина дешнаш, нийсархошца, кIорда ца деш хабар дийцина дешнаш. Мичахь ду уьш?
Со дIасахьоьжу, гонаха адамаш ду. Цара вовшашца къамелаш до, суна кхеташ а, ца кхеташ а ду и къамелаш, хIунда аьлча уьш сан ненан маттахь дац. Суна уьш шийла хета, яц цаьрца сан деган йовхо. Суна лаьа цаьрга хатта, со мичахь ю, муха кхочур яра со сайн махка, сайн цIа, аьлла. Ас хаьттира сайна хийрачу маттахь. Уьш соьга цецбевлла схьахьоьжура. ТIаккха со кхийтира: сан мохк а бацара.
Суна дагадаьхкира сайн юьртахочун поэтан Сулейманов Ахьмадан дешнаш: «Кхо хIума ду дуьненчохь даима цхьаьна хила дезаш, вовшех даьхча кхуьй а леш долу: Даймохккий, ненан моттий, халккъий…». Ма-дарра цу дешнийн маьIнех хIинцца кхийтира со. Суна эхь хетара цунах а, кхечу баккхийчу яздархойх а, Iилманчех а шайн дерриг дахар вайн мотт, гIиллакх-оьздангалла ларъеш, дIаделла болчу. Ма лар ца ди-кх цара шайн могIанашкахь, весет санна, далхийнарг: «Варийлаш, варийлаш, меттан сий делаш, варийлаш, шайн мотт биц ма белаш, варийлаш, шайн кхерчийн дай хилалаш», - бохуш. ЦIаьххьана дагаеара цара шайн цIийца кхоьллина йолу исбахьаллин литература. Иза а яцара. Мотт ца хилча дIаяйнера иза а.
Со лаьттара эрна арахь, шийла хьоькху мох чекхбуьйлура сан дегIах. Дуьненах а, сайна гучу суьртах а, хиламех а, шелонах а къайлаяла гIерташ санна, хьерчара со сайн тIерачу духарх. Лаьара, сихха бIаьргаш схьа а диллина, гушдерг ирча гIан санна, дIадойла. Амма, бIаьргаш схьаделла дагахь со хьалахьаьжча, суна цхьа тиша керт гира. Иза сайна стенах тера хета техьа аьлла, со тIейолаелча, доккха даьллачу къух юккъехь суна чарташ гира.
Нохчийн кешнаш! - иккхира ойланехь. Со уьш долчу агIор дIахьаьдча, чарташа сайна букъ берзийча санна хийтира суна. ХIоьттинчу тийналлехь беллачийн аьзнаш дара хезаш. Цара сох бехкаш дохура: «Оха эзарнаш шерашкахь, цIий Iенош, синош ца кхоош, ларбина мохк, мотт, оха, нанас бер санна, экама лардина гIиллакхаш, ламасташ дIатаса хьан бакъо еллера шуна? Муха Iен дохку шу хIинца? Мичахь бу шун Даймохк? Муьлш ду хIинца шу а, муьлш хир ду шун бераш а? Оха ма битинера шуна ялсмане санна болу мохк, шовда санна цIена мотт, аша хIун кховдор ду шайн тIаьхьарчу тIаьхьене?» - бохуш.
Со Iадийна лаьттара, меттах яла гIора доцуш. Инзаре хетара, деш дола доцуш, дIатесна кешнаш гуш а. Хьан дийр дара церан дола нохчий ца хилча дуьненчохь? Суна лаьара царна хьалха бехказъяла, сайн бехк цахилар дIахаийта, амма цу сохьта сан лере деара аз: «Ахь хIун дира, муха дуьхьало йира ахь хьайн мотт а, мохк а хIаллак ца хилийта?» - аьлла.
Со кхийтира дерригенах а. Сан а бара бехк, массеран а санна. Логе шад хIоьттина, елхаран къурдаша хорам бина, Iадийча санна лаьттара со. Суна лаьара, массо а каш мара а дуллуш, цаьрга сайна къинтIера довла баха. Царна ца хаьара цу минотехь со шайх хьоьгуш юй. Ма чIогIа ирс хетара суна, нохчий а болуш, шайн халкъ а, цуьнан ламасташ лардеш, нохчийн Iадатехь тезет а хIуттуш, нохчийн маттахь кадам а беш, дIабоьхкинчу церан.
ТIаккха суна сайн тезет дуьхьалхIоьттира. И тезет ю ала хала дара. Беш кадам а я и схьаоьцуш верасаш а бацара. Деш доIанаш, зикарш доцуш, цхьа шатайпа гулам бара иза. Сан легашка хIоьттина шад чIагIбелира, садеIар ца тоьара. ЦIаьххьана, класс екош, елхаран мохь белира соьга. Саца ца лора, сан елхар тIаьхь-тIаьхьа алсам долура. Оцу шелонна юккъехула, мичара йолу ца хууш, цхьа йовхо еара. ТIаккха цхьаммо кIедачу куьйгашца со мараюллуш хааделира суна. Ши бIаьрг схьабиллира. Ровзан Магомедовнас дайн куьг хьоькхура сан коьртах. Со класс чохь яра. Айса динчух эхь хетта, цIе елира сох. Сайн классера бераш сайх кхардий-кх ас аьлла хеташ, халла чухула бIаьргаш кхарстийра. Со кхин а чIогIа цецъелира церан бIаьргаш чохь сайх кхетар а, цхьа шатайпа гIайгIа а гича.
Цхьаммо а ца дора соьга хеттарш, хьуна хIун хилла бохуш. Уьш массо а, кортош охьа а дахийтина, хIора а шен-шен ойла еш бара. ТIаккха сан дагна жимма хьаам хилира. Со кхийтира оха массара а еш ерг цхьа ойла хиларх. Цу миноташкахь тхан дегнашкахь чIагIлуш бара нохчийн матте а, ДегIастане а болу безам. Тхуна хаьара, нохчийн къам мел деха, нохчийн мотт а хир бу, нохчийн мохк а хир бу!
Елхаран къурдаш деш, дийхира ас хьехархочуьнга:
- Ровзан Магомедовна, тема хийца мегий вай цу сочиненин? - аьлла.
Ойланаша кхолинчу юьхь тIе елар а догIуш, хаьттира цо:
- Ткъа муьлхачу темина язъян лаьара шуна? - аьлла.
Со йист хилла а ялале «Нохчийн мотт – тхан дозалла!» - аьлла, мохь туьйхира Зеламхас. Класс чохь резахиларан гIугI делира.