Победители конкурса
- 1286
ШолгIа меттиг (второе место) Раяна Шавлаева Грозненски кIоштан Радужненски юьззина йоцчу ишколан 9-чу классан дешархо
Хьехархо: Арсанакаева Заира Салмановна |
Нохчийн мотт – сан халкъан хазна
Гобаьккхина Iаламо хазйина, лекхачу хьаннашна юккъехь, сирлачу а, цIеначу шовданашна юххехь, ша-тайпа гIала яра лаьтташ. Дикка цуьнга хьежна, герга яхара со. Цхьана хазачу йозано тIе бIаьрг хIоттийна, тIейолаелча, даккхийчу элпашца яздина хIара дешнаш гира суна:
Нохчийн мотт – сан аьхна гIовла,
Хьуна тIе тевжинарг дIа,
Дахаран муьлххачу хенахь
Хир ву-кха шен ирсан да.
Ирсан да? Дахаран муьлххачу а хенахь шен ирсан да хуьлуш хилча, и ирс стенца доьзна ду-те, аьлла, со гIали чу яхара. Цхьана хазачу зурмано дагна там беш, дайн болар эцна йогIучу гIургIезах терра, шурула кIайн гIабли а йоьхна, хазалло юьхь кхелина, кIудал а карахь йогIучу йоIах бIаьрг кхетча, со цуьнга хаьжжинчохь йисира. Муьлххачу къоман гIиллакх а, оьздангалла а гойту хелхаро. Хазахетар, халахетар, самукъадалар гучудоккху хелхарехь. ТIехьаьжча йоI самукъане хетара. Хелха а яьлла, шен кIудал а юьзна, меллаша дIаяхара иза.
Суна хьалха кхин а шуьйра шахьаран сурт схьаоьхьира, гучудевлира ширачу бIаьвнийн урамаш. Царна тIехь къаьстара шайн цIераш: ГIиллакхийн хазна», «Къамелан эла», «Фразеологизмийн татол», «Морфологи», «Лексика», «Фонетика», «Синтаксис, пунктуаци», «Орфографи». Цаьрга хьоьжуш а лаьттина, гIелъелла, цхьана боккхачу чхарна тIе дIатаьIира со. Сан лере а деъна, цхьана хазачу олхазаро шабарш долийра, лерса хьоьстуш тамехь дара, амма суна ца кхетара цо дуьйцург. Шен ма-хуьллу со кхето гIертара и, делахь а со тIе ца кхуьура цо дуьйцучунна. Тiаккха, хIора ураме а доьдуш, церан бахархой схьагулбира цо. Суна гонаха дIахIиттира уьш.
Дуьххьара вистхилира Iаьржа верта а доьхна, чола куй а болуш, лекхачу дегIахь волу стаг. Иза гIиллакхийн хазнийн баьчча хиллера.
- Марша йогIийла хьо, лераме хьаша! Хьо муха кхечи тхан шахьаре?
- Маршалла хуьлда шуна а! – дегI нисдеш, хьалагIаьттира со.
- Некъахь гIелъелла, хьагъелла хир ю хьо?ЦIеначу шовданан чам баккхал хьайна.
- ГIоза молийла ахь!
- Дала сагIа дойла хьан хи.
- Ткъа хIинца тхайн шуьне а кхойкху оха хьо. Баьрче охьахаийра цара со. Цу тIехь тайп-тайпана даарш гора. Шеко йоцуш, вайн халкъан кхача бара иза: жижиг-галнаш, хингалш, чIепалгаш, сискал, хьокхам, тIо-берам, хьонка, воьта, уьстагIан корта-ког, бIараш, цу, деман а, ахьаран а галнаш.
Суна леррина хьошалла дан гIерташ хьийзара массо а. Сайна дукхадезачу хингалийн чам а баьккхина, айса йиънарг сагIа а йина, со хьалагIаьттира.
- Баркалла хила хьуна тхо долчу хьошалгIа ярна, - элира баьччас.
- ГIиллакхе, ийманехь, лараме, лераме амалш кхуьийла хьан, жима йоI! – аьлла, тIетуьйхира цо.
- Хьаша – беркат ду. Хьаша ца вогIу хIусам – елла хIусам ю, - элира къамел дечо. РагI соьгахь ю-кх хIинца. Ткъа хьуна хаьий къамелан эла стенах олу?
Ас жоп делира:
- Суна схьахетарехь, къамелан эла – иза кица ду. Цара адамийн хьекъал а, дахаран бакъдерг а гойту, иштта къамел а хаздо.
- Нийса ду, - аьлла, жоп делира цо. Цул тIаьхьа совгIатна цхьа тIорказ делира цо суна. И схьадиллича, могIарехь кицанаш дIахIиттира. Уьш дара:
«Дешар –серло, цадешар –бода».
«Вина мохк мазал а мерза бу».
«Шен ненан сий лардечо Даймехкан сий а лардийр ду».
«ГIиллакхца бен къонах хилла вац».
«Нохчийн мотт – гIиллакхийн хьоста».
Ас сайгара, дага а деана, тIетуьйхира Мамакаев Мохьмада аьлларг:
«Мотт бу - къам ду, мотт бац - къам дац».
И дешнаш шена хезча, цуьнан чIогIа самукъаделира. Цул тIаьхьа цо тIетуьйхира:
- Кица - къамелан туьха ду хьуна, цо, туьхано санна, къамелан чам бо, иза ладогIа дог догIучу кепара хуьлуьйтуш. Хьайн нийсархошна а довзийталахь уьш.
Резахилла, шен метте дIахIоьттира иза. Кхин а чIогIа хазахийтира суна и гIала а, цуьнан бахархой а.
- Дуьненан ялсамане кхаьчча хьо, тIехьаьжча а ялсаманин хьозанах тера ю хьо. Дашна говза а, дегIана аьхна а, са цIена а, лергана сема а, хьешана тIера а бу тхан шахьарера нах. Хаьий хьуна, со мила ву?
Жимма соцунгIа а йина, «Вевза, вевза! - аьлла, тIараш туьйхира ас.
- Хьо, фразеологизмийн цIийнан хьалхара стаг ву-кх!
- Нийса боху ахь, тхан лераме хьаша, вайн меттан говзанчаша ялайо шайн къамелехь фразеологизмаш. Шайн къамел хьекъале хилийтархьама.
Цул тIаьхьа кIаркIар, деш, цхьа хIума герга еара суна.
- И хIун ю?
Цуьнга дикка хьежа елира со. ХьаьжкIийн буьртигаш гича евзира суна «кахьар, цунна тIетасаелла ша-тайпа зевне мукъам балош, цуьнан гIоьнча а хилла йогIу «кIаркIар» хиллера и. Цул тIаьхьа кIудал, куьйра, урчакх, буьк яй, чода гонаха хьаьвзира. Уьш гича, суна сайн нен-нана дагаеара. Ма леррина Iалашъеш лелайора цо уьш, аьлла. Сайн нен-ненан безамна куьг хьаькхира ас царна тIе. Сан дог дузуш лаьттара халкъан шираллех. ХIора сурт, хIора дош сан даг чу дуьжура. Вайн санна хаза а, йоккха а лексика цхьаьнне а хир яц аьлла, сан ойла чIагIъелира.
Цул тIаьхьа тийналла хIоьттира. ЦIеначу хIавао ойла хьоьстуш, гинчу суьртах йоккхаеш, шахьаран хIора а маьIIе хьоьжура со. Генара цхьа берийн зевнечу аьзнийн гIовгIанах терра гIовгIа схьахезара. Хелха а дуьйлуш, суна хьалха дIахIиттира элпаш. Шалха элпаш, шаьш суна довзийта лууш санна, сехьадуьйлура, цул тIаьхьа шайн метте дIахIуьттура. Мукъанаш, мукъазнаш, зевненаш, къоранаш, легашна тIеранаш - дерриш цхьана могIаре дIа а хIиттина, соьга хаттар дира.
- Алал, хаза йоI, абат стенах олу а, тхо маса ду а?
- Шу муха девзар дац, шу Iамийча бен хиъний суна сайн цIе язъян а, книгаш еша а! Сайн дуьххьарлера хьехархочун сурт а лаьтта суна хIинца а дагахь, шу хIетте а ца дицделла.
- РогIаллехь дIахIиттийначу элпех абат олу-кх. Уьш шовзткъе исс ду.
Ас деллачу жоьпех там хилла, соьга куьйгаш а ластийна, суна хьалха цхьа ши могIа язбира. Схьагарехь, сан церан таллам бан дезар ду.
Хьаша тIелацар хаза гIиллакх ду.
Ловзуш, самукъане вай дехар ду!
ТIаьхьа-хьалха цхьа тоба кегийрхой сехьабевлира. Дешнаш талла йолаелча, суна къамелан дакъош девзира, уьш Iамош долу Iилманан дакъа - морфологи а.
Царех цхьаммо, суна хаьий хьожуш, хIетал-метал делира:
- Ахь нийса жоп даладахь, со муьлха къамелан дакъа ду а девзар ду хьуна.
- Мазал мерза а, лоьмал ницкъ болуш а дерг хIун ду?
Ойлане яьлла хьийзара со. Мазал а мерза? Лоьмал а ницкъ болуш хIун ю техьа, бохуш?
Лергаш къардеш, горгали туху сахьт дийкира. Самаиккхира со. Керара нохчийн меттан Iамат охьаюьйжира. «ГIан» ду!» - аьлла, мохь туьйхира ас, бакъду, со хезаш цхьа а вацара. Маьлхан зIаьнарша серлаяьккхинера сан чоь. Со дIасахьоьжура, амма суна гонаха цхьа а вацара. Я элпаш, я къамелан дакъош, я цIоьмалгаш. ГIан хиллера иза.
ХIинца со кхийтира ирсан да хилла дуьненчохь ваха стагана хIун оьшу. Уггаре хьалха - Даймохк, нана, ненан мотт. Нанас Iамош ву шен доьзалхо бераллехь дуьйна Даймохк беза а, иза Iалашбан а. Ненан оьздачу маттехула девза къоман хаза гIиллакхаш. Цо шен аьхначу куьйгаца аганара воссавой, вуьгу хьо дахаран шуьйрачу новкъа. Цундела стеган доллу дахар маттаца доьзна ду аьлла хета-кх суна.
Ма хьоме бу суна хьо, нохчийн мотт! Хьо бицбина, хьо буьйцучуьра сецна де ма гойла суна цкъа а! Сайн мерзачу гIенан башхачу туьйрано хIара ойла а кхоьлли-кх сан:
Дависа, ненан мотт,
Хьан сийнна ян йиш елара гIала.
ХIора хьан дош лардеш,
ГIаролехь лаьттар яра со…
- 1316
Хьалхара меттиг (первое место) Джукалаева Майнат 11-чу классан дешархо (Олхазар-кIотарара СОШ) Нохчийн меттан хьехархо: Магомадова Роза Хажаевна |
Мотт бу – къам ду, мотт бац – къам дац.
Халкъан кица
Нохчийн мотт боцуш даьккхина цхьа де
Дийнна кIирнахь кхоьлина лаьттара, наг-наггахь кегийрачу зерзаца догIа а догIуш. Иштта денош даьхкича, дог-ойла гуттар а таьIна лаьтташ хуьлура. Оха, 11-чу классо, чIогIа сатуьйсура, малх схьа а кхетта, бIаьсте денъяларе. Тхуна хаьара, хIара тIаьххьара бIаьсте юйла тхо цхьаьна долуш а, тхо бераш долуш а. Цундела оха чIогIа сатуьйсура довхачу деношка. Арахь буьрках ловза а, Аьнгал-хи чохь кIайн шипонаш техкина, кечделлачу дитташка а хьоьжуш, зазанан хьожа а юуш, цу кIайчу зезагашна тIехула хьийзачу накхармозашка а, жимчу Аьнгал-хин гIовгIане а, декаш долчу кегийчу олхазарийн эшаршка а ла а доьгIуш, вовшашца забарш еш, царех а, тхайн жималлех а самукъа а долуш, дуьйладала.
Буса сахиллалц догIа а ихна, Iуьйранна шен белакъажарца гонахара мархаш дIа а къахкийна, гучубелира эсала можа малх. Школехь схьагуллуш долу тхо а дара, тхаьшна хIун ду а ца хууш, къаьсттина тахана самукъадаьлла. Хьехархойн болар а дара (я тхуна хетара а ца хаьа) дайделла.
Елаелла, екхаелла йогIучу бIаьстенна дуьхьал девллера адамаш, цуьнга маршалла а хоттуш, и тIеэца.
Горгали бийкира, тхо уроке кхойкхуш. Тхан хьалхара урок ненан меттан яра. Тхуна дукхаезара нохчийн меттан а, литературин а урокаш. Тхуна, хIунда делахь а, гергара а, аьхна а яра уьш. Цу урокашкахь тхан цкъа а са ца гатлора. Къаьсттина дукхаезара литература. Нохчийн баккхийчу а, кегийчу а яздархоша язйина произведенеш йоьшуш, уьш йийцаре еш, тхуна уллера евзара вайн къоман истори, ширачу заманахь дуьйна схьадогIу хаза гIиллакхаш, ламасташ.
Тхан хьехархочо Ровзан Магомедовнас хазачу дешнашца кхуллура тхан дегнашкахь нохчийн матте безам. Цу урокашкахь гучудолура нохчийн мотт хьалдолуш хилар, бевзара цуьнан суртхIотторан гIирсаш. Ткъа байташ мел хазахеташ Iамайора! Кхин а чIогIа хазахетара уьш кхуллуш поэташа пайдаэцна некъаш толлуш. Ткъа уггар суна оцу урокехь хазахеташ дерг – иза ойла яр дара. Ша цхьа доккха маьIна долу хаттар делча, тхоьга, бIаьргаш дIа а къовлий, и сурт дуьхьал а хIоттош, ойла е олура тхан хьехархочо. Тхо дукхахдерш Iама а Iеминера, цо ма-аллара и дан. Доцца аьлча, тхан ненан меттан урок яра.
Ша гуттар ма-ярра, ела а елла, тхан Iуьйре дика а еш, чоьхьаелира Ровзан Магомедовна. Иза юккъерчу дегIахь, кIайн юьхь-сибат а, Iаьржа бIаьргаш а долуш, хаза зуда яра 30-35 шо хир долуш. Тхуна дукхаезара иза, цкъа делахь, хьоьхург ненан мотт болу дела гергара хетара, шолгIа делахь, цо цкъа а тхо чехош, дов деш, гIовгIа ца йора. Тхо бехке долуш хIума нисделча, шен эсала юьхь кхола а йой, лерина тхоьга хьожура иза. ТIаккха тхо кхетара, тхайгара ледарло яьллий. Кортош охьа а дохуьйтий, дIатоьра, цул тIаьхьа, хIумма а ца хилча санна, цо урок дIахьора.
Тахана а, гуттар санна, ела а къежна, цо элира:
- Та-а-к, хьоменаш, ма хаза де ду вайна тахана, дуй?
Оха массара а, ша-ша ала гIерташ, тIетадира бIаьсте схьакхаьчна хилар а, иза хаза хилар а.
ТIаккха цо юха а хIилланца тхоьга схьа а хьаьжна, хаьттира:
- Шуна хаьий и бIаьсте хьанах тера ю?
- БIаьсте бIаьстенах тера ю-кх, - элира даима хабарна тIера волчу Зеламхас. Елаелира хьехархо.
- БIаьсте шух тера ю-кх, - элира цо.
Тхо цецдевлла дисира, цуьнга дIахьаьжжинчохь.
- БIаьсте шух тера ю, - элира цо юха а. - Шу санна хаза а ю, къона а ю, самукъане а, ирсе а ю. БIаьста дерриг Iалам денлой, дахарна кечло, шу а ду, и бIаьсте санна, дахаран новкъа довла кечлуш. Муха хир ду и дахар, муьлш хир ду шу цу дахарехь, и шух доьзна ду. Атта ца хуьлу цу некъа тIехь, хийла ког тасалур бу, лаза а дийр ду шу, амма доха мегар дац. Халонаша вахчаво стаг, шайн гIалаташ тIехь Iама а Iемаш, нийсачу новкъа довла деза шу, - бохуш, гуттар санна, хьехарш дора цо. Тхуна хазахетара ишттачу миноташкахь цуьнга ладугIуш, оха дуккха а пайда а эцнера цуьнан къамелех.
ТIаккха, цкъа лерина тхоьга а хьаьжна, юха а дIадолийра цо шен къамел. Амма шуна хаа дезаш цхьа хIума ду, шаьш миччахь хиларх, шайн дахар мел чIогIа тодаларх, я дукха халонаш тIехIиттарх аша цкъа а дицдан йиш яц иза. Хьан эр дара соьга, хIун ду иза?
Тхо цкъа ойланашка девлира, тIаккха сихха тхайна хет-хеттарг олуш, цхьа «базар» йира оха.
- Даймохк!
- Нана!
- Хьехархой!
- Iилма!
- Мотт! – бохуш маьхьарий хьоькхура оха.
- Уьш дерриш а нийса ду, дицдан мегар дац. Амма кхин цхьа дош ду НОХЧАЛЛА бохуш. Доккха ду цу дешан маьIна, цо чулоцу нохчочуьнца хила еза амалш: яхь, эхь, сий, иман, ислам,къонахалла, комаьршалла, гIиллакх, оьздангалла, Даймохк безар, цунна хьанал хилар. Ткъа и дерриг дозуш ду цхьана хIуманах – маттах. ХIинца цунах лаьцна сочинени а язйийр ю-кх вай. Сочиненин тема ю «ХIун маьIна ду нохчийн меттан сан дахарехь?»
Тiаккха, жимма соцунгIа а йина, тIетуьйхира:
- Шу сочинени язъян дуьйладалале суна луур дара, аша, бIаьргаш дIа а къевлина, нохчийн мотт боцуш, иза дуьнен чуьра дIабаьлча цхьана дийнахь а муха хир дара техьа аьлла, и сурт шайна дуьхьал а хIоттийна, цхьана шина минотехь ойла йойла, - аьлла, шен къамел дIадерзийра Ровзан Магомедовнас.
Тхо ойланашка дахара. Аса а ойла йора тхайна тIедиллинчу гIуллакхан. Суна цхьа тамашийна хийтира иза. Амма ойланашка яьлча кхийтира, иза стенна тIекхача гIерта. Иза тхоьга ойла яйта гIертара, даима санна. Ткъа оха ойла йора.
Нохчийн мотт – ши дош! Ма кIезга а ду, ма дукха а ду! - аьлла хийтира суна.
Хьехархочо ма-аллара, бIаьргаш дIа а къевлина, муха хир дара те нохчийн мотт ца хилча аьлла, ойла йира ас. Цхьана тамашийначу пана махкахь со йисича санна хийтира суна. Шело хьаьдира даге. Со кхераелира! Нене орца деха дагадеара, амма дешнаш дацара. Дешнаш! Нохчийн меттан дешнаш! Аганан гIаж луьйцуш, нанас со хьоьстуш, дуьххьара сан лере даьхкина дешнаш. Дуьххьара мотт Iемаш, сан багара девлла дешнаш! Аганан иллин довха дешнаш! Ткъа йоккха хила йоьлча, ненаца дагара дийцина дешнаш, дас хьехарш дина дешнаш, нийсархошца, кIорда ца деш хабар дийцина дешнаш. Мичахь ду уьш?
Со дIасахьоьжу, гонаха адамаш ду. Цара вовшашца къамелаш до, суна кхеташ а, ца кхеташ а ду и къамелаш, хIунда аьлча уьш сан ненан маттахь дац. Суна уьш шийла хета, яц цаьрца сан деган йовхо. Суна лаьа цаьрга хатта, со мичахь ю, муха кхочур яра со сайн махка, сайн цIа, аьлла. Ас хаьттира сайна хийрачу маттахь. Уьш соьга цецбевлла схьахьоьжура. ТIаккха со кхийтира: сан мохк а бацара.
Суна дагадаьхкира сайн юьртахочун поэтан Сулейманов Ахьмадан дешнаш: «Кхо хIума ду дуьненчохь даима цхьаьна хила дезаш, вовшех даьхча кхуьй а леш долу: Даймохккий, ненан моттий, халккъий…». Ма-дарра цу дешнийн маьIнех хIинцца кхийтира со. Суна эхь хетара цунах а, кхечу баккхийчу яздархойх а, Iилманчех а шайн дерриг дахар вайн мотт, гIиллакх-оьздангалла ларъеш, дIаделла болчу. Ма лар ца ди-кх цара шайн могIанашкахь, весет санна, далхийнарг: «Варийлаш, варийлаш, меттан сий делаш, варийлаш, шайн мотт биц ма белаш, варийлаш, шайн кхерчийн дай хилалаш», - бохуш. ЦIаьххьана дагаеара цара шайн цIийца кхоьллина йолу исбахьаллин литература. Иза а яцара. Мотт ца хилча дIаяйнера иза а.
Со лаьттара эрна арахь, шийла хьоькху мох чекхбуьйлура сан дегIах. Дуьненах а, сайна гучу суьртах а, хиламех а, шелонах а къайлаяла гIерташ санна, хьерчара со сайн тIерачу духарх. Лаьара, сихха бIаьргаш схьа а диллина, гушдерг ирча гIан санна, дIадойла. Амма, бIаьргаш схьаделла дагахь со хьалахьаьжча, суна цхьа тиша керт гира. Иза сайна стенах тера хета техьа аьлла, со тIейолаелча, доккха даьллачу къух юккъехь суна чарташ гира.
Нохчийн кешнаш! - иккхира ойланехь. Со уьш долчу агIор дIахьаьдча, чарташа сайна букъ берзийча санна хийтира суна. ХIоьттинчу тийналлехь беллачийн аьзнаш дара хезаш. Цара сох бехкаш дохура: «Оха эзарнаш шерашкахь, цIий Iенош, синош ца кхоош, ларбина мохк, мотт, оха, нанас бер санна, экама лардина гIиллакхаш, ламасташ дIатаса хьан бакъо еллера шуна? Муха Iен дохку шу хIинца? Мичахь бу шун Даймохк? Муьлш ду хIинца шу а, муьлш хир ду шун бераш а? Оха ма битинера шуна ялсмане санна болу мохк, шовда санна цIена мотт, аша хIун кховдор ду шайн тIаьхьарчу тIаьхьене?» - бохуш.
Со Iадийна лаьттара, меттах яла гIора доцуш. Инзаре хетара, деш дола доцуш, дIатесна кешнаш гуш а. Хьан дийр дара церан дола нохчий ца хилча дуьненчохь? Суна лаьара царна хьалха бехказъяла, сайн бехк цахилар дIахаийта, амма цу сохьта сан лере деара аз: «Ахь хIун дира, муха дуьхьало йира ахь хьайн мотт а, мохк а хIаллак ца хилийта?» - аьлла.
Со кхийтира дерригенах а. Сан а бара бехк, массеран а санна. Логе шад хIоьттина, елхаран къурдаша хорам бина, Iадийча санна лаьттара со. Суна лаьара, массо а каш мара а дуллуш, цаьрга сайна къинтIера довла баха. Царна ца хаьара цу минотехь со шайх хьоьгуш юй. Ма чIогIа ирс хетара суна, нохчий а болуш, шайн халкъ а, цуьнан ламасташ лардеш, нохчийн Iадатехь тезет а хIуттуш, нохчийн маттахь кадам а беш, дIабоьхкинчу церан.
ТIаккха суна сайн тезет дуьхьалхIоьттира. И тезет ю ала хала дара. Беш кадам а я и схьаоьцуш верасаш а бацара. Деш доIанаш, зикарш доцуш, цхьа шатайпа гулам бара иза. Сан легашка хIоьттина шад чIагIбелира, садеIар ца тоьара. ЦIаьххьана, класс екош, елхаран мохь белира соьга. Саца ца лора, сан елхар тIаьхь-тIаьхьа алсам долура. Оцу шелонна юккъехула, мичара йолу ца хууш, цхьа йовхо еара. ТIаккха цхьаммо кIедачу куьйгашца со мараюллуш хааделира суна. Ши бIаьрг схьабиллира. Ровзан Магомедовнас дайн куьг хьоькхура сан коьртах. Со класс чохь яра. Айса динчух эхь хетта, цIе елира сох. Сайн классера бераш сайх кхардий-кх ас аьлла хеташ, халла чухула бIаьргаш кхарстийра. Со кхин а чIогIа цецъелира церан бIаьргаш чохь сайх кхетар а, цхьа шатайпа гIайгIа а гича.
Цхьаммо а ца дора соьга хеттарш, хьуна хIун хилла бохуш. Уьш массо а, кортош охьа а дахийтина, хIора а шен-шен ойла еш бара. ТIаккха сан дагна жимма хьаам хилира. Со кхийтира оха массара а еш ерг цхьа ойла хиларх. Цу миноташкахь тхан дегнашкахь чIагIлуш бара нохчийн матте а, ДегIастане а болу безам. Тхуна хаьара, нохчийн къам мел деха, нохчийн мотт а хир бу, нохчийн мохк а хир бу!
Елхаран къурдаш деш, дийхира ас хьехархочуьнга:
- Ровзан Магомедовна, тема хийца мегий вай цу сочиненин? - аьлла.
Ойланаша кхолинчу юьхь тIе елар а догIуш, хаьттира цо:
- Ткъа муьлхачу темина язъян лаьара шуна? - аьлла.
Со йист хилла а ялале «Нохчийн мотт – тхан дозалла!» - аьлла, мохь туьйхира Зеламхас. Класс чохь резахиларан гIугI делира.
- 1415
КхоалгIа меттиг (третье место) Успанова Айшат Ильясовна 11-чу классан дешархо (Соьлжа-гIалара СОШ №6)
Нохчийн меттан хьехархо: Бергоева Айзан Абдилвахитовна |
Беза хьо, Нана-мохк!
Даймохк – ма хаза дош ду хьо лерсина хаза! ХIун хир ду хьол хьоме, деза?! Вайн нохчийн гIарабевллачу яздархоша, поэташа говзачу маттаца дукха яздина Даймахках лаьцна. Сулаев Мохьмадан «Лаьмнаша ца дицдо» роман тIехь коьртачу турпалхочо олу тIаме воьдучу шен кIанте: «КIант! – вай юха гой а ца хаьа, Дела воцчунна! Аса сайн весет цундела хьалххехь дIахоуьйту хьуна. Адамана дуьненчохь массо а хIуманал дукхадезарг шен са ду, шен сил а дезарг – бер ду! Амма, хаалахь, берал а хьоме бу хьуна Даймохк! Хьо лахь а, висахь а Даймахкана хьанал чекхвалар – сан уггаре а хьалхара весет ду хьоьга!»
И тайпа къамелаш гуттар а хуьлура тхан доьзалехь. Тхан нанас нохчийн къоман туьйранаш дуьйцура тхуна буьйсанна дIадийшош. Хийла гIенах гора хазачу дойшкахь шовдан коьртехь лаьтташ майра, каде кIентий, хаза, оьзда мехкарий, лекха лаьмнаш, шайна чохь олхазарийн исбаьхьа эшарш йолу луьста хьаннаш. Даймехкан и исбаьхьа сурт тхайна гаре чIогIа сатесна хуьлура тхо.
Делан лаамца тхан дай-наний, шайн кхаа бераца, 2000-чу шеран январь баттахь, вайн махкахь тIом болчу хенахь, дIакхелхина Истамбуле. Цигахь, 2000-чу шеран 6-чу августехь, дуьненчу яьлла со а, иштта, 2003-чу шарахь, сан жимах волу ваша Муслим а. Сан ши йиша а, ши ваша а ву. Дас а, нанас а дуьйцура тхуна нохчийн къоман Iер-дахаран башхаллех, ламастех лаьцна. Воккханиг муха лара веза, жимачуьнца муха хила веза. Сол итт-цхьайтта шо воккхачу вашас а, йишас а дуьйцура, марха достучу дийнахь шаьш хIун леладора: хьала маца гIовттура, дехой болчу Тевзана, ненахой болчу Итум-Кхаьлла эхарх лаьцна. ЦIа ян сатосий хуьлура со.
Тхан чохь гуттар а буьйцура нохчийн мотт, хезара нохчийн мукъамаш. Сан да а, нана а хелхаран «Орга» цIе йолчу ансамблехь болх бина ду, ший а солисташ а долуш. Университетехь цхьаьна дешна цара. Да филолог ву, нана - биолог. Оьрсийн мотт а Iамабора цара тхуна, цIа дахча деша атта хилийта.
Апрель беттан 23-гIа де берийн де ду Истамбулехь. Сайн кхо шо долуш берийн бешахь дуьххьара дакъалецира ас оцу фестивалехь. Суна тIехь яра нохчийн гIабли, ас динарг нохчийн хелхар дара. Дуккха а нах баьхкира соьга хьовса: цигара нохчий а, туркой а.
Тхан воккхах волчу вешин хьехархочо дийхира тхан нене шен дешархошна Кавказера хелхарш Iамаде аьлла. Тхан нанас Iамийначу тобано шозза дакъалецира гIалахь хуьлчу берийн хелхаран къовсадаларшкахь. Жюри юкъахь Iачу цхьаммо, хьала а гIаьттина, элира: «Кавказера хелхар деш йолчу тобанан куьйгалхо мила ву? ХIинца шолгIа го суна уьш. Уьш гаре сатуьйсуш веара со кхуза. Ламанан аьрзунийн, суй богуш, ира хьажар долуш, кура кортош айина кIентий, хи тIехула йогIучу гIургIезан боларх, ах бIаьрнегIарш охьадахийтина зудабераш! Шу массо а сайца реза хир ду аьлла хета суна, цу тобано хьалхара меттиг яьккхина аьлча! Церан хелхар хаза хилла ца Iа, церан милла а хьогур волуш, низам ду! Церан куьйгалхо ган лаьара суна!»
Ша бахьана долуш школан директорна цхьа хьовзам хиларна кхоьруш, нанас элира тхан вешин хьехархочуьнга: «Куьйгалхо хьо ю ала, ас гIо дина эр ду ахь», - аьлла. Даррехь болх бан бакъо яцара тхан ненан - иза мухIажар яра. Хонкара пачхьалкхан культуран министран хьалхара гIоьнча хиллера и хаттар делларг.
Цо дикачу метте балха хIоттийра тхан нана. ТIаьхьий-хьалхий тоьлла меттигаш яха йолийра нанас Iамочу тобано. Тайп-тайпанчу гIаланашка гастролашка эха дуьйладелира цо Iамош долу бераш. Тхо дехачу гIалин мэро шен куьйга грамоташ а елира, совгIаташ а дира тхуна, цхьаьний дIахIиттина, суьрташ а дехира.
Делан къинхетамца, 20I4-чу шарахь цIа дирзира тхо. Цигарчу культуран министро элира тхан дегий, неней, дIа ма гIо, ша шу реза долу болх нисбийр бу шуна, аьлла. Эххар а, Iийр доций хиъча, элира министро: «Тхоьгара хIума тIе ца лоцуш, мелхо а, шайн нохчийн кура амал, хаза гIиллакх тхуна а делла доьлху шу! Шайн даго ма-бохху аьтто хуьлда шун!»
Бегаш беш, тхан ненадас олура тхоьга, шаьш санна, кхойтта шо даьккхи аша а Даймахках къаьстина.
Сан Даймохк! Сан дай баьхна латта! Ма хаза ду-кх цIахь! Суна хаьара туркойн мотт а, цигахь бара сан нийсархой а, сан да-нана, йиш-ваша а, делахь а, кху цIахь санна, ирсе яцара со цигахь. Де-дийне мел долу талуш ду дахар, хазлуш ю гIаланаш, ярташ. Юха а доггаха ала лаьа суна:
Беза хьо, Нана-мохк,
Дай баьхна латта.
Хьоьца ду сан ирс а,
Ас мел йо ойла…
Хьан дуьхьа къахьега,
Iожал тIеэца
Ца луун долу кIант
Дена ма войла!