ШолгIа меттиг

(второе место)

Раяна Шавлаева

Грозненски кIоштан Радужненски юьззина йоцчу ишколан 9-чу классан дешархо

 

Хьехархо: Арсанакаева Заира Салмановна

 

Нохчийн мотт – сан халкъан хазна

Гобаьккхина Iаламо хазйина, лекхачу хьаннашна юккъехь, сирлачу а, цIеначу шовданашна юххехь, ша-тайпа гIала яра лаьтташ. Дикка цуьнга хьежна, герга яхара со. Цхьана хазачу йозано тIе бIаьрг хIоттийна, тIейолаелча, даккхийчу элпашца яздина хIара дешнаш гира суна:

Нохчийн мотт – сан аьхна гIовла,

Хьуна тIе тевжинарг дIа,

Дахаран муьлххачу хенахь

Хир ву-кха шен ирсан да.

Ирсан да? Дахаран муьлххачу а хенахь шен ирсан да хуьлуш хилча, и ирс стенца доьзна ду-те, аьлла, со гIали чу яхара. Цхьана хазачу зурмано дагна там беш, дайн болар эцна йогIучу гIургIезах терра, шурула кIайн гIабли а йоьхна, хазалло юьхь кхелина, кIудал а карахь йогIучу йоIах бIаьрг кхетча, со цуьнга хаьжжинчохь йисира. Муьлххачу къоман гIиллакх а, оьздангалла а гойту хелхаро. Хазахетар, халахетар, самукъадалар гучудоккху хелхарехь. ТIехьаьжча йоI самукъане хетара. Хелха а яьлла, шен кIудал а юьзна, меллаша дIаяхара иза.

Суна хьалха кхин а шуьйра шахьаран сурт схьаоьхьира, гучудевлира ширачу бIаьвнийн урамаш. Царна тIехь къаьстара шайн цIераш: ГIиллакхийн хазна», «Къамелан эла», «Фразеологизмийн татол», «Морфологи», «Лексика», «Фонетика», «Синтаксис, пунктуаци», «Орфографи». Цаьрга хьоьжуш а лаьттина, гIелъелла, цхьана боккхачу чхарна тIе дIатаьIира со. Сан лере а деъна, цхьана хазачу олхазаро шабарш долийра, лерса хьоьстуш тамехь дара, амма суна ца кхетара цо дуьйцург. Шен ма-хуьллу со кхето гIертара и, делахь а со тIе ца кхуьура цо дуьйцучунна. Тiаккха, хIора ураме а доьдуш, церан бахархой схьагулбира цо. Суна гонаха дIахIиттира уьш.

Дуьххьара вистхилира Iаьржа верта а доьхна, чола куй а болуш, лекхачу дегIахь волу стаг. Иза гIиллакхийн хазнийн баьчча хиллера.

- Марша йогIийла хьо, лераме хьаша! Хьо муха кхечи тхан шахьаре?

- Маршалла хуьлда шуна а! – дегI нисдеш, хьалагIаьттира со.

- Некъахь гIелъелла, хьагъелла хир ю хьо?ЦIеначу шовданан чам баккхал хьайна.

- ГIоза молийла ахь!

- Дала сагIа дойла хьан хи.

- Ткъа хIинца тхайн шуьне а кхойкху оха хьо. Баьрче охьахаийра цара со. Цу тIехь тайп-тайпана даарш гора. Шеко йоцуш, вайн халкъан кхача бара иза: жижиг-галнаш, хингалш, чIепалгаш, сискал, хьокхам, тIо-берам, хьонка, воьта, уьстагIан корта-ког, бIараш, цу, деман а, ахьаран а галнаш.

Суна леррина хьошалла дан гIерташ хьийзара массо а. Сайна дукхадезачу хингалийн чам а баьккхина, айса йиънарг сагIа а йина, со хьалагIаьттира.

- Баркалла хила хьуна тхо долчу хьошалгIа ярна, - элира баьччас. 

- ГIиллакхе, ийманехь, лараме, лераме амалш кхуьийла хьан, жима йоI! – аьлла, тIетуьйхира цо.

- Хьаша – беркат ду. Хьаша ца вогIу хIусам – елла хIусам ю, - элира къамел дечо. РагI соьгахь ю-кх хIинца. Ткъа хьуна хаьий къамелан эла стенах олу?

Ас жоп делира:

- Суна схьахетарехь, къамелан эла – иза кица ду. Цара адамийн хьекъал а, дахаран бакъдерг а гойту, иштта къамел а хаздо.

- Нийса ду, - аьлла, жоп делира цо. Цул тIаьхьа совгIатна цхьа тIорказ делира цо суна. И схьадиллича, могIарехь кицанаш дIахIиттира. Уьш дара:

«Дешар –серло, цадешар –бода».

«Вина мохк мазал а мерза бу».

«Шен ненан сий лардечо Даймехкан сий а лардийр ду».

«ГIиллакхца бен къонах хилла вац».

«Нохчийн мотт – гIиллакхийн хьоста».

Ас сайгара, дага а деана, тIетуьйхира Мамакаев Мохьмада аьлларг:

«Мотт бу - къам ду, мотт бац - къам дац».

И дешнаш шена хезча, цуьнан чIогIа самукъаделира. Цул тIаьхьа цо тIетуьйхира:

- Кица - къамелан туьха ду хьуна, цо, туьхано санна, къамелан чам бо, иза ладогIа дог догIучу кепара хуьлуьйтуш. Хьайн нийсархошна а довзийталахь уьш.

Резахилла, шен метте дIахIоьттира иза. Кхин а чIогIа хазахийтира суна и гIала а, цуьнан бахархой а.

- Дуьненан ялсамане кхаьчча хьо, тIехьаьжча а ялсаманин хьозанах тера ю хьо. Дашна говза а, дегIана аьхна а, са цIена а, лергана сема а, хьешана тIера а бу тхан шахьарера нах. Хаьий хьуна, со мила ву?

Жимма соцунгIа а йина, «Вевза, вевза! - аьлла, тIараш туьйхира ас.

- Хьо, фразеологизмийн цIийнан хьалхара стаг ву-кх!

- Нийса боху ахь, тхан лераме хьаша, вайн меттан говзанчаша ялайо шайн къамелехь фразеологизмаш. Шайн къамел хьекъале хилийтархьама.

Цул тIаьхьа кIаркIар,  деш, цхьа хIума герга еара суна.

- И хIун ю?

Цуьнга дикка хьежа елира со. ХьаьжкIийн буьртигаш гича евзира суна «кахьар, цунна тIетасаелла ша-тайпа зевне мукъам балош, цуьнан гIоьнча а хилла йогIу «кIаркIар» хиллера и. Цул тIаьхьа кIудал, куьйра, урчакх, буьк яй, чода гонаха хьаьвзира. Уьш гича, суна сайн нен-нана дагаеара. Ма леррина Iалашъеш лелайора цо уьш, аьлла. Сайн нен-ненан безамна куьг хьаькхира ас царна тIе. Сан дог дузуш лаьттара халкъан шираллех. ХIора сурт, хIора дош сан даг чу дуьжура. Вайн санна хаза а, йоккха а лексика цхьаьнне а хир яц аьлла, сан ойла чIагIъелира.

Цул тIаьхьа тийналла хIоьттира. ЦIеначу хIавао ойла хьоьстуш, гинчу суьртах йоккхаеш, шахьаран хIора а маьIIе хьоьжура со. Генара цхьа берийн зевнечу аьзнийн гIовгIанах терра гIовгIа схьахезара. Хелха а дуьйлуш, суна хьалха дIахIиттира элпаш. Шалха элпаш, шаьш суна довзийта лууш санна, сехьадуьйлура, цул тIаьхьа шайн метте дIахIуьттура. Мукъанаш, мукъазнаш, зевненаш, къоранаш, легашна тIеранаш - дерриш цхьана могIаре дIа а хIиттина, соьга хаттар дира.

- Алал, хаза йоI, абат стенах олу а, тхо маса ду а?

- Шу муха девзар дац, шу Iамийча бен хиъний суна сайн цIе язъян а, книгаш еша а! Сайн дуьххьарлера хьехархочун сурт а лаьтта суна хIинца а дагахь, шу хIетте а ца дицделла.

- РогIаллехь дIахIиттийначу элпех абат олу-кх. Уьш шовзткъе исс ду.

Ас деллачу жоьпех там хилла, соьга куьйгаш а ластийна, суна хьалха цхьа ши могIа язбира. Схьагарехь, сан церан таллам бан дезар ду.

Хьаша тIелацар хаза гIиллакх ду.

Ловзуш, самукъане вай дехар ду!

ТIаьхьа-хьалха цхьа тоба кегийрхой сехьабевлира. Дешнаш талла йолаелча, суна къамелан дакъош девзира, уьш Iамош долу Iилманан дакъа - морфологи а.

Царех цхьаммо, суна хаьий хьожуш, хIетал-метал делира:

- Ахь нийса жоп даладахь, со муьлха къамелан дакъа ду а девзар ду хьуна.

- Мазал мерза а, лоьмал ницкъ болуш а дерг хIун ду?

Ойлане яьлла хьийзара со. Мазал а мерза? Лоьмал а ницкъ болуш хIун ю техьа, бохуш?

Лергаш къардеш, горгали туху сахьт дийкира. Самаиккхира со. Керара нохчийн меттан Iамат охьаюьйжира. «ГIан» ду!» - аьлла, мохь туьйхира ас, бакъду, со хезаш цхьа а вацара. Маьлхан зIаьнарша серлаяьккхинера сан чоь. Со дIасахьоьжура, амма суна гонаха цхьа а вацара. Я элпаш, я къамелан дакъош, я цIоьмалгаш. ГIан хиллера иза.

ХIинца со кхийтира ирсан да хилла дуьненчохь ваха стагана хIун оьшу. Уггаре хьалха - Даймохк, нана, ненан мотт. Нанас Iамош ву шен доьзалхо бераллехь дуьйна Даймохк беза а, иза Iалашбан а. Ненан оьздачу маттехула девза къоман хаза гIиллакхаш. Цо шен аьхначу куьйгаца аганара воссавой, вуьгу хьо дахаран шуьйрачу новкъа. Цундела стеган доллу дахар маттаца доьзна ду аьлла хета-кх суна.

Ма хьоме бу суна хьо, нохчийн мотт! Хьо бицбина, хьо буьйцучуьра сецна де ма гойла суна цкъа а! Сайн мерзачу гIенан башхачу туьйрано хIара ойла а кхоьлли-кх сан:

Дависа, ненан мотт,

Хьан сийнна ян йиш елара гIала.

ХIора хьан дош лардеш,

ГIаролехь лаьттар яра со…

Контакты

Top